29 июн 2019

АЮБОВ ДУХА

Рамзан Guchingi
6:57
19 КОММЕНТАРИЕВ
Амишка А
Амишка А
Дела реза хила хьун х1ар видео чу кхосар!ма хаз чулацам болш къамел дир цуо
Тот Самый
Тот Самый
Нис некъ бу цо лелинарг,бакъ хабар диуйца,гIилкхъаш ца лелича вай да дац.
Рамзан Guchingi
Рамзан Guchingi
Амин ! Вайна массарна а хийллакха ДЕЛА реза !
Рамзан Guchingi
Рамзан Guchingi
А о почитании старших на Кавказе и говорить не приходится. Особенно чеченцы всегда отличались своим глубоким уважением к людям пожилого возраста.Пророк Мухаммед (да благословит Его Аллах и приветствует) в своих хадисах говорит: «Если молодой человек старшему оказывает почет, то Аллах пошлет ему того, кто будет заботиться о нем в старости»; «выказывать уважение по отношению к седому мусульманину является возвеличиванием Аллаха».С самого детства, с «молоком матери», мы стараемся заложить в наших детях уважительное отношение к старшим. И это дает, безусловно, свои плоды.Но, к великому сожалению, есть и отрицательные примеры. Причин тому много. Это прежде всего незнание, а порой умышленное пренебрежение теми традициями и ценностями, которые вырабатывались на протяжении веков. А это, в свою очередь, является следствием политических и социальных потрясений последних десятилетий.Я, так же, как и многие наши соплеменники, часто задумываюсь над тем, почему же наш народ, имеющий богатейшую культуру и сумевший сохранить свою национальную гордость в нечеловеческих испытаниях, выпавших на его долю, стал столь падок к наживе, меркантильности и тщеславию ???
Рамзан Guchingi
Рамзан Guchingi
Хьешана тешнабехк бар, я 1оттар яр, и бохамах лар ца вар доккха эхь хилла нохчийн, диц а ца деш, чкъурера чкъуре долуш. Вайн къоман иэсехь ду хьаша-да ца ларар эхье г1уллакх хилар дуьйцуш долу тайп-тайпана дийцарш. Иштта, царах цхьанна т1ехь дуьйцу барзо аьлларг.Цхьана хьоладен жа дажош волчу 1уьнна т1ееъначу барзо шена цхьа уьстаг1 бехна хилла. 1уьно аьлла, жа шен дац, цундела, жан дега ца хаьттича, шен бакъо яц хьуна уьстаг1 бала. Делахь уьстаг1ашка ша хьожур ю хьуна, д1а а г1ой, пурба даккхахьа цуьнгара, дехна барзо. 1у цецваьлла: барзах муха тешор ду ша уьстаг1ий? Т1аккха барзо дуй биъна: «Шен хьаша наь1арехь а хаийна, баьрччехь 1ен х1усамда хуьлда шех, ша кху уьстаг1ашна т1екхевдар елахь», - аьлла.Вахна 1у жан дега хатта. Иза, барзо шен дуйнехь ма-аллара, хьаша наь1арехь а хаийна, ша баьрчче а ваьлла, 1аш хилла. 1уьно д1адийцина ша деънарг а, ша жа лардан борз йитар а. Цунах ч1ог1а цецваьлла х1усамда. 1уьно аьлла, барзах ша тийшира, цо шен хьаша наь1арехь а хаийна 1аш волу х1усамда хуьлда шех аьлла, дуй биъча. Х1усамда кхетта и ша тайпа борз хиларх а, цо вийцинарг ша хиларх а. 1уьнна барзана уьстаг1 бала бакъо а елла, шен хьаша хила веззачу баьрче ваьккхина цо.Хьаша - хийрачу юьртахь, хийрачу махкахь-м муххале а – г1орасиз ву массо х1уманна хьалха, хьеннан а ницкъ кхочур бу цунна г1ело я тешнабехк бан, х1унда аьлча, иза цхьалха ву. Цундела и ларар оьздангаллин коьрта лехам (г1ийланиг, мисканиг 1алашвар) кхочушбар ду.Нохчийн кицанаша а хьоьху вайна хьаша доккха беркат, ни1мат хилар: «Хьаша ца вог1учу керта ирс дог1ур дац», «Нагахь баттахь цкъа хьешо хьан х1усаман не1 ца тохахь, цу чу, не1 а ца тухуш, бала бог1ур бу», и. д1. кх.Хьаша-да т1еэцаран г1иллакх дохор Дала, цхьа бекхам ца беш, дуьтуш дац. Иштта, ширчу дийцаро а ч1аг1до.Къоьзанан-1ам болчохь цхьана хенахь юрт хилла боху. Цига, лелаш, цхьа миска стаг кхаьчна. Буьйса а йоьлла, нехан наь1аршка х1итта воьлла иза: «Х1ей, хьаша оьций аша?» - бохуш. Амма иза цхьамма а чу ца витина, эвла йистехь шен берашца йисина 1аш йолчу цхьана зудчо бен. И доьзал боцург, массо а х1аллак а хуьлуш, хи т1е а даьлла, 1ам х1оьттина цигахь. Иштта кхоллабелла боху Къоьзанан-1ам.Оцу дийцаран ойла йича а го хьаша-да т1еэцар, чувитар, ларар дуьххьалд1а адамийн г1иллакхаш хилла ца 1аш, х1окху дуьненан Дахаран дохо йиш йоцу деза-сийлахь доза а хилар. Нагахь и дохийча, цхьа боккха бохам т1екхачаран кхерам а бу, мацах къоьзанхошна санна. Цундела, мел хан йоцчу хенахь хьешо не1 тоьхнехь а,хьаша т1и ица а, Вай Дайша ,Нанош лелина г1иллакх лелор ,лойлла вайна ! АЛЛАh1 Дала ,Иман ,Ислам ,Вовше дашар ,дезар лойлла Вайна !!!
Луиза Тыртаева
Луиза Тыртаева
Ээээ🏻, таких людей хочется слушать бесконечно . Какие красивые обычаи у нас!!!
Рамзан Guchingi
Рамзан Guchingi
Как бы кто не старался ,что-бы мы все это забыли ,нет у них нечего не выйдет ,пока будет жив ,хотя-бы один Чеченец ,этому не быть ,Чеченцы были ,есть и будут ! ДАЛА мукъ-лахь !!!
Луиза Тыртаева
Луиза Тыртаева
Амин
Хикматулло Мардонов
Хикматулло Мардонов
Чечня я уважаю Чеченцев хороший народ народ который имеет большое история
Жизнь прекрасна
Жизнь прекрасна
Махаз мотт бу из
Рамзан Guchingi
Рамзан Guchingi
ДаймохкДаймохк, хьоьга дагар дуьйцуш,Къайлах безам белхабо,Лекхчу лома буьххье вуьйлуш,Дог ца 1ебаш, хьоьжу со!Лекха лаьмнаш, шира хьаннаш,Органа т1ехь хьийза дохк.Эшарш хеза, декош 1аннаш,Мел ирсе бу сан Даймохк!К1орге 1инах со мел вуьйли,Т1етта ч1аг1ло эшараш.Кийра 1абош ас хи муьйлу,Мел чомехь ду шовданаш.К1ад ца луш ас йоху г1улчаш,Хьийзаш олхазарш а гуш.Т1ома вала, т1емаш хилча,Мархийн болар хаалуш.Яздина дац суна Дала,Кхерсташ лела х1аваэхь.Воккхаве со, гуш сайн 1алам –Зарзар декаш дитта т1ехь…Вайн Даймехкан кхане хазъеш,Кхуьуш бу вайн мехкарий.Мостаг1чух вайн Даймохк ларбеш,Г1аролехь бу къонахий.Д1адийначохь кхуьу ялташ,Иштта стоьмаш, хасстоьмаш.Д1асахьаьжча гуш ю ярташ –Бертахь деха адамаш.Сан Даймахкахь х1ора 1уьйреЙог1у, дохьуш шеца ирс.Дехар ду вай, ч1аг1ъеш уьйраш,1алашбеш вайн дешнийн г1ирс!
Maga)) TL
Maga)) TL
Дела реза хийла Рамзан, пайдехьа, дика а хаза г1иллакхаш давзийти цу вокхачу стага, Дала сий цуьнан а дойла!!!
Рамзан Guchingi
Рамзан Guchingi
Амин ! ДЕЛА реза хийлла Вайна массарна а ! Ву х1унца а волуш ву Шуьйтахь 1аш ву ,могуш воцуш чохь сесна ву ! ДАЛА дукха баха бойла Вайна бакхий-нах,уьш ца хилча йиш м йац !
Maga)) TL
Maga)) TL
Амин! Дала маршалла дойла цунна!!!
Рамзан Guchingi
Рамзан Guchingi
Амин ! Йа АЛЛАh1 !!!
CIA AMH
CIA AMH
Дала маршал дойл цунна Амин!!!
Иса Мулаев
Иса Мулаев
Рамзан! Дика байт ю.Хьо мичара ву те?Суна Пашица перепискехь гина.Вовза мегий хьо.Со Ножай--Юртахь хьехархо ву( доттаг1аша--м мучитель олу).
Рамзан Guchingi
Рамзан Guchingi
Ас-Саламу -1алайкум ! Со Магнитогорске ву ,дукха дика мегар ду ,саг вовзарх зе дац ,бусулб велах1, хети, вети а ! Со Магнитогорске ткъо шо ду 1аш волу ,иштам Шуьйта -г1алар ву !
Алхьамдулиллахь 9999
Алхьамдулиллахь 9999
Са Нен нен ваш ву и

Раскадровка

АЮБОВ ДУХА
Видео: АЮБОВ ДУХА Видео: АЮБОВ ДУХА Видео: АЮБОВ ДУХА Видео: АЮБОВ ДУХА Видео: АЮБОВ ДУХА Видео: АЮБОВ ДУХА Видео: АЮБОВ ДУХА Видео: АЮБОВ ДУХА Видео: АЮБОВ ДУХА Видео: АЮБОВ ДУХА Видео: АЮБОВ ДУХА Видео: АЮБОВ ДУХА Видео: АЮБОВ ДУХА Видео: АЮБОВ ДУХА Видео: АЮБОВ ДУХА Видео: АЮБОВ ДУХА Видео: АЮБОВ ДУХА Видео: АЮБОВ ДУХА Видео: АЮБОВ ДУХА Видео: АЮБОВ ДУХА Видео: АЮБОВ ДУХА Видео: АЮБОВ ДУХА Видео: АЮБОВ ДУХА Видео: АЮБОВ ДУХА Видео: АЮБОВ ДУХА Видео: АЮБОВ ДУХА Видео: АЮБОВ ДУХА Видео: АЮБОВ ДУХА Видео: АЮБОВ ДУХА Видео: АЮБОВ ДУХА